Iедална дуьхьал пачхьалкх мел ю йолийна акцеш кхи а жигара яха кхойкху ГIажарийчоьнан бакъонашларъярхочо, Нобелан совгIатан лауреато Эбади Ширина. Reuters агенталло бо и хаам, Iарбойн "Ашшарк аль-Аусат" газетана Эбадис еллачу интервьюх пайда а оьцуш.
ГIажарийчоьнан конституцино бакъо ло цуьнан бахархошна протесташка бийла, цундела таро ю церан урамашкахь латта.
Иштта гIажарошка кхойкху бакъонашларъярхочо коммуналан ял дIа ца яла а, пачхьалкхан банкашкара шайн ахчанаш схьаэца а. Оцу экономикан тIеIаткъамца Iедал декхаре дийр ду халкъанна тIехь ницкъбар сацо а, дуьхьалончийн лаамаш кхочушбан а аьлла хета бакъонашларъярхочунна.
"38 шарахь шун пусар ца динчу Iедало тахана бохург тIехтаса хан кхаьчна шуьга", - аьлла Эбадис.
Хьалхо немцойн Die Welt хаамийн гIирсана еллачу интервьюхь а билгалдаьккхира бакъонашларъярхочо, ГIажарийчохь коррупци яьржина хиларх а, кегийрхоша белхазалла ловш хиларх а.
МитингашКIира хан ю гIажароша демонстрацеш йолийна. Экономикан лозунгашца арабевллера уьш юьхьанца, тIаьххьара а Iедална дуьхьал бевлира гулбелларш.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?