ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москохара Каире кеманаш эхийтар карладаьккхина Путина


Мисаран коьртачу шахьаре Каире Москохара кеманаш эхийтар юха карладоккхуш омрана куьйгяздина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Кху беттан 2-чу дийнахь мухIар таIийна кехат зорбане даьккхина бакъонан информацин официалан порталехь. Байначу беттан юккъехь Оьрсийоьно а, Мисарас а бартбинера шина пачхьалкхана юкъахь авиахаамаш юхаденбеш.

Барт ийгIина кеманаш дIасаэхийтар сацийнера 2015-чу шеран гурахь дуьйнна. А321 олу Оьрсийчуьра кема чударан бахьана къастадаллалц Мисара кеманаш лелар юкъахдаккха реза хиллера хIетахь Путин Владимир.

Мисарара Шарм-эш-Шейхера Петарбухе доьдуш долу Airbus 321 олу "Когалымавиа" компанин кема чудеанера 2015-чу шарахь ГIадужу-беттан 31-чу дийнахь. Цу тIехь хилла 224 стаг веллера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG