ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчохь "Баьццара революци" йоьдучу хенахь дош ца аларна бехкево Обама Iамеркан вице-президенто


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн хиллачу президенте Обама Бараке хьаьжча, Трамп Доналдан администраци тIетайна ГIажарийчохь протесташ йолийначарна. Iамеркан вице-президента Пенс Майка "Iамеркан Аз" зорбан гIирсанна еллачу интервьюхь дина и дIахьедар. 2009-чу шарахь ГIажарийчохь протесташ йоьлхучу хенахь тапъаьлла Iарна а, ТехIеранца зарратан бертан кехатна куьйгяздарна а Обама критике вуьллу цо.

- ГIажарийчохь чолхе хьал лаьтта. ХIун дан дагахь ю Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ?

- Дагахь латто деза, ГIажарийчоь дуьненчуьрчу терроризман коьрта пачхьалкх – спонсор хилар. Шайн бахархошкахь гIело латтийна ца Iаш, церан адамийн бакъонаш хьоьшуш, йоллу регионехь яржош ю цара терроризм. Шайн пачхьалкхехь хийцамашка сатуьйсучу гIажарочун хьолах дика кхеташ ву маршо еза Iамеркахо, муьлхха а маршо еза стаг а кхетар ву царех.

ХIара къаьсташ ду 2009-чу шарахь ГIажарийчохь "Баьццарчу революцин" хенахь Iазапечу тийналлица Iийначу президентан ойла йича а…

- Иза масех дийнахь Iийра ладоьгIуш, цул тIаьхьа вистхтилира дIахьедарца…

- Йоккха башхалла ю маршоне кхийдачу нахана хьалхалера администраци тIе ца хIоттаран а, компромиссаш а ца лоьхуш, тахана Трампа ГIажарийчоьнан майра бахархой бакъбарна юкъахь а. Оцо тешам ло урамашка даьллачу халкъана. Оха гIо лоцур ду церан, дешнашца лаьцна а ца Iаш.

- Протестхошна баккъал а гIодархьама кхи хIун дан Iалашо ю Iамеркан?

- Нагахь санна юха а ца бовлуш, къийсам кхи дIа а латтабой гIажароша, Iамерко а, кхечу пачхьалкхаша а йоккха гIортор латтор ю царна. Къонахаллех дуьзна къам шайн маршонехьа къийсамна арадаьлча хьалхалера администраци дош ца олуш Iийна а ца Iаш, Трампа сертификаци ца йиначу "гIажаройн зарратан бертана" тIетайнера. Тахана вайн президент ву, сийлахьчу Iамеркахойн ламасте хьаьжжина, оцу нахана тIехIотта: вай цхьаьна ду, оха бакъдо шу, шуна гIо дан лаам бу тхан, шун кхане маьрша а, кхиаме а хилийтархьама, бохуш.

Советан заманахь "зуламечу имперех" Рейган Роналд вистхилча, шаьш цхьалха доций тIекхиина диссиденташ санна, тахана ГIажарийчохь арабевлла бахархой а кхетта, шаьш цхьалха доций, Трампа шаьш тесна дуьтур доций…

- Твиттерерчу шен агIон тIехь вистхилла Трамп гIажарошка, амма ГIажарийчоьно социалан машанаш йихкина ю шайн бахархошна. ТIаккха Трампан дешнаш хезийла юй-те царна? Iамерке мигранташ буьтур бац бохуш, Трамап дина дIахьедарш бахьана долуш а, Трампан инициативашна оьгIазбахана бу ГIажарийчохь дукхахберш.

- Адам охьатаIош, ГIажарийчохь аятоллаша дIахьош йолу раж, керла хIума дац. Адамийн коьрта бакъонаш тIе ца юьту пачхьалкх ша хиларе терра ГIажарийчоь, социалан машанаш царна ехкарх цецвийла меттиг бац.

- И ма ю церан коьрта проблема, социалан машанашка бовла аьтто цахилар.

- Ас чIагIо йо, хуьлийла и президент, я со, я пачхьалкхан секретарь, я ООН-ан векал Хейли Никки, оха хаамаш дIакхачор бу маршонехьа гIертачу гIажарошка, Iамеркахой цаьргахьа хилар дIахоуьйтуш.

- Нагахь санна президенто "зарратан бертан" сертификаци яхь, стенга сатуьйсийла ю вайн?

- Президенто лур яц аьлла, йина чIагIо ю.

- Керла санкцеш ГIажарийчоьнна дуьхьал яхахь, бахархошна кхи а тIеIаткъам хир бу-те я мелхо а цхьа пайда хир бу?

- Санкцеш пайде хуьлу. ГIажарийчохь болх бина ца Iаш, масала, пайде хилира Къилбаседа Корейца а. ГIажарийчоь дика кхетийта, экономикан санкцеш дуьхьал яхаро пайда бохьур бу аьлла хета президентна а, цуьнан администрацина а.

Тхо иштта Конгрессца цхьана дийцарш деш ду, керла санкцеш муьлхачу билламашца дуьхьал яьхча гIоле хир дара те, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG