ТIекхочийла долу линкаш

ГIажарийчохь протесте бевллачу бахархойн ша агIо лоцур ю аьллачу Iамеркан президентан Трамп Доналдан дешнаш ца тайна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна.

"Хан ма кхеччи ша доккха гIо лоцур ду аьлла Iамеркан президенто акцеш дIахьочу гIажарошна. ХIинццалц схьа Iаткъаме гIо кхечира цаьргара Ливина а, Шемана а, Иракъана а, ОвхIанистананна а, Сербина а, Въетнамна а, иштта кхечу пачхаьлкхашна а. ГIажарийчоьнна Троянан говр ю яла кечъеш", - аьлла, яздина Кадыровс шен твиттерахь.

ШолгIа кIира доладелла ГIажарийчохь протесташка бевлла бахархой. Юьхьанца экономикан лозунгашца лаьттира уьш, тIаьхьо Iедал хийца шайн лаам хилар дIакхайкхийра. ГIажаройн Iедало арахьара пачхьалкхаша тIехьехна лору бахархой.

ХIинцале а протесташкахь велларг 20 стаг ву, бIеннашкахь бу лецнарш.

XS
SM
MD
LG