ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тбилисин кхело Саакашвилина набахтехь яккха хан тоьхна


Шегарчу даржах пайда а оьцуш, зуламаш лелорна Тбилисин кхело набахтехь даккха кхо шо хан кхайкхийна Гуьржийчоьнан экс-президентна Саакашавили Михаилна. И дуьххьара сацам бу, политикна Гуьржийчу экстрадици ян бахьана лучех. Саакашвилин агIончаша кхелан сацам -политикан бух болуш бу аьлла.

Ши шо а дара Саакашвилин хьокъехь талламаш бен. Тбилисин цхьана банкехь болх беш хиллачу белхахочун Гиргвлиани Сандрон гонах яра и гIовгIа. 2006-чу шарахь Тбилисерчу цхьана бара чохь дов даьллачул тIаьхьа, полисхоша лаьцна, хьуьнха дIа а вигина, къиза йиттинера цунна.

Церан карара вада аьтто баьлла Гиргвлиани, хьуьнхахь тила а велла, цхьана ор чу а воьжна, веллера. Иза лоцуш полисхойн декъехь лаккхарчу даржашкахь хиллачу веанна набахтехь даккха масех шо хан туьйхира. Веллачун гергарчара а, доттагIаша а, оппозицин лидерша а чIагIдора, Гуьржийчоьнан чаьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллера дина омра дара Гиргвлиани лацар, шайггара дина хIума дацара бохуш.

Талламан версица, ницкъаллийн оцу урхаллан а, шен уллерчу гонан а цIе ца йожорхьама, лаьцначу веа полисхочунна Саакашвилис хьехнера бехк тIелацар, ткъа ша кеста уьш маьршабохур бу аьлла, чIагIо а еш.

Кхо шо даьллачул тIаьхьа 170 тутмакхна гечдеш, омрана куьйгяздо Саакашвилис. Царлахь хилла Гиргвлиани Сандро лачкъийна вигинарш а.

Саакашвили Михаилна дуьхьал даьккхина кхи а масех бехкзуламан гIуллакх ду. Иза бекхево депутатна, бизнесхочунна Гелашвили Валерийна еттарна а, цхьана интервьюхь Саакашвилин хIусамнана саийсазъйинера цо.

Иштта бекхево пачхьалкхан ахчанаш даарна а, протестхой дIасалахкарна а.

Резинан хIоьънаш а детташ, демонстранташ лехкинера цуьнан омраца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG