ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПIаьнказахь лаьцнарг бехке ву я вац къаьстар ду иза толахь


Ши кIира хьалха ПIаьнказан чIожехь дIаяхьанчу леринчу операцин хьокъехь цхьацца къайленаш йовзийтина Гуьржийчоьнан кхерамазаллан сервисо.

Цуьнан официалан векало Гиоргобиани Нинос тIаьххьара брифинг дIаяхьира, оцу операцех дерг дуьйцуш.

Цо бахарехь, ПIаьнказ-чIожерчу Дуисехь а, Омалохь а дIалаьцначеран бехк хилар гойтуш шортта тоьшаллаш ду.

Уьш берриш а, цулл хьалха Тбилисехь ша шена эккхийтар а деш, веллачу Чатаев Ахьмадца зIенехь а, уьйрашкахь а хилла, боху Гиоргобианис.

ПIаьнказахь лерина операци дIахьочу хенахь 19 шо долу Мачаликашвили Тамерлан коьртах герз кхетта лазаварна реза боцуш, меттигерачу бахархоша дуьхьалонан акци дIаяхьара цигахь.

Гиоргобиани Нинос и жима стаг Чатаев Ахьмадан гIуллакхна шен цIарах меттигерачу банкашкахь массийта чот йиллина хилла боху.

Цунна тоьшаллаш деш шортта видеош а, аудиош а ю дIаязйина къайлахчу сервисехь.

Цуьнах дуьйцу меттигерачу журналисто Мчедлишвили Звиада: "Видеокийсакаш яра къайлах яьхна. Царна тIехь гуш дара Мачаликашвили Чатаевн тобанехь хиллачу Оьрсийчоьнан бахархошца Борзиев ШоIипца а, Солтахматов Асланбекца а цхьана хилар.

Гуш дара иштта, Мачаликашвили базархула цаьрца лелаш, мобилан телефонаш оьцуш. Кхин хIума дацара цу тIехь, уьш цхьана хилар бен. Амма оцу видео тIехь къаьсташ дац, хууш хиллий Мачаликашвилина и нах муьлшабу, царна хIун лаьа а, уьш хIунда баьхкина а".

ПIаьнказахь и лерина операци дIаяхьар нийса дуй-даций бохуш дац. Шаьш цигарчу нохчаша бахарехь, масийта тобанашка бекъабелла бу нах. Цундела, цхьаболчеран хьокъехь и операци ян хан тоххарехь тIехьъяьллера аьлла, дийцира меттигерчу юкъаралхочо Идигов Iумара: "ПIаьнказахь и операци дIаяран бахьанаш хIун дара хьуна аьлча, бакъдерг дийцича, ян ца езаш йина а хир яцара цхьаболчеран хьокъехь.

Мила бехке ву-вац суна ца хаьа. Гуьржийн Iедало, прокуратуро шайгахь 100 сов диск ду боху, цаьрга ладоьгIна, иштта 13 том гIуллакхаш а ду боху шайгахь".

Мачаликишвили Тамерлан кху деношкахь кхечу пачхьалкхе дехьаваккха сацам бина Iедало. Цигахь цунна дарба хирг хиларна сатуьйсу кIентан гергарчара.

Амма схьагучу суьртаца иза метта а веана, кхетамчохь хилахь, цуьнга дан дуккха а а хеттарш хир ду гуьржийн Iедалан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG