ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат" клубан керла тренер ву


ХIинжа-ГIаларчу "Легион-Динамо" клубан коьртехь лаьттина, Нохчийчуьра схьаваьлла Адиев Мохьмад Соьлж-ГIаларчу "Ахмат" футболан клубан тренер хIоттийна, хаамбо махкарчу зорбанаша. Спортехь карьера ян шен 16 шо кхаьчначул тIаьхьа волавелла Адиев.

Юьхьанца "ГIалгIайчоь" клубехь, цул тIаьхьа "Анжи" тобанца.

1999-чу шарахь ЦСКА-н могIарехь лакхарчу лигехь вара иза, тIаьхьо Саратовн "Соколе" дехьавелира. 2006-2008-чу а шерашкахь "Терек" (хIинца "Ахмат") клубаца вара.

Кху аьхка дуьйнна ХIинжа-ГIаларчу "Легион- Динамон" куьйгаллехь вара, хаамбо transfermarkt.com.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG