ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра бераш Москох кхайкхина Навка Татьянас


Нохчийчуьрчу школашкахь дика доьшу 27 бер "Руслан а, Людмила а" цIе йолчу ша тIехь гойтучу Москохарчу шоу кхайкхина дуьненна а евзачу ,ша тIехь хехкалучу спортан чемпиона Навка Татьянас. Myli­story социалан машанехь Кадыров Рамзана бина и хаам.

"Дуккхаъчу берийн дагалецамашкахь дуьсур ду хIара Керла шо. 27 дешарца кхиамаш бохучу берашна, оьрсийн меттан а. литературан а олимпиадехь толамаш баьхначу берашна исбаьхьан совгIат ду цо динарг", - аьлла, йоза дитина мехкан куьйгалхочо.

Кадыровс бахарехь, Москохарчу "Мегаспорт" олучу спортан гIишлочохь хIотточу шоу бераш шен чоьтах дуьгуш ду Навка Татьянас.

"Даггара баркалла олу ас Навка Татьянина оццул деза совгIат цо берашна дарна. Со тешна ву, "Руслан а, Людмила а" Пушкинан поэмин экзамен ирсан кхаж баьллачу бераша кхиамца дIалур ю аьлла", - яздо Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG