ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров: Бехк боцуш стаг вийнарг - террорхо ву


ПIераскандийнахь майданахь цхьалха даьккхина меттигерчу полисхойн хьаькам вийначу Баймурадов Хьамзатан дакъа Iуьллуш Ютюбехь яьржинчу видеон хьокъехь шеконаш ю шен аьлла, дIахьедина зорбан министро Умаров Джамбулата. "Дождь" телеканалана еллачу интервьюхь, комментареш йитина Умаровс де хьлаха яьржинчу видеох.

Маршо Радионо шен сайте оьллинера Интернетехь яьржина и видео. Ролик тIехь гуш ву, гIодаюккъе кхаччалц верзина лаьттахь Iуьллу, лоцучу хенахь герзаш диттина вийна Баймурадов Хьамзат.

Гуш ду, майда юкъаерзийна лаьтташ полисхой а, гобаьккхина гулбина меттигера нах хилар а.

"Кеп-кепара дукха видеош йохку Ютюбе а, кхечу социалан машанашка а Нохчийчуьра ду хIара сурт, бохуш. Суна гина аш юьйцу ролик а. Оцу видеох ас дуьйцур дац, хIунда аьлча, сан шеконаш цуьнан хьокъехь йолу дела", - аьлла Умаровс.

Иштта цо дийцина, махкара я йоллу пачхьалкхехь а бехк боцуш нах байаро мел оьгIазбохуьйту бахархой.

"Деа доцчу бахьанаашца ара а ваьлла, стаг вийча, цуьнах ца хуьлу цхьана тайпан чIирхо. Делан цIарца, зевнечу дхьахьедаршца, бехк-гунахь а доцуш стаг вийнарг террорист ву , аьлла, билгалдаьккхина министро.

Иштачу нехан тезете а ца хIуьтту, и нах шайх дIахедабо юьрто а, махко а, уьш нехийн хьесапехь хета аьлла зорбан министро шен интервьюхь.

Карладоккху, кхаарийдийнахь Маршо Радионо яздира Шела кIоштарчу Эвтарахь динчу тIелатарехь цигарчу территорин полисхойн декъан куьйгалхо Устарханов Абубакар верах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG