ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ерриг Оьрсийчоьнан юкъараллан Нохчийчуьрчу "Толаман волонтераш" боламо президентан харжамашкахь дакъалаца ша хьалхатеттинчу Путин Владимирна куьйгаш гулдеш куп йиллина. Регионерчу организацин координаторо Бельтиев Хьусайна лаамберш кхойкху Соьлж-ГIаларчу "Гранд паркан" 1-чу гIатте.

"Кандидат юкъавохуьйтуш а тхайгара дакъалаьцна оха. ХIинца тхан лаам бу цунна куьйгаш гулдан. 300 эзар куьйг ду гулдан дезарг. Тоъал терахь вовшахкхетталц болх сацор бац оха. Тхо цхьалха дац. Пачхьалкхан массо а регионашкахь гIо лаьцна тхуна", - аьлла, дийцина боламан координаторо.

XS
SM
MD
LG