ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIуда Iаьрбийчохь паччахьан доьзалхой лецна


Цхьа могIа хаамийн гIирсаша дийарехь, СаIуда Iаьрбийчохь паччахьийн доьзалашкара 11 кIант лаьцна, пачхьалкхан бюджетера паччахьийн доьзалашна хьежо ахчанаш совцор ду аьлла Iедало бинчу сацамна дуьхьалбовларна.

Дуьйцург ду доккхачу декъанна тоьках а, кхечу коммуналан хьаштех а ахча.

Reuters агенталло, Iарбойн сайташна тIе а тевжаш хаамаш бо, резабоцу принцаш Эр-Риядерчу паччахьан цIийнехь гулбеллера, шайна цатовриг дIадалхо аьлла. ДIасадоха аьлла, шайга бина кхайкхам тергал ца бича, леца а лецна, набахте чу боьхкинера уьш.

Официалан хьосташа цхьана а кепара комментареш еш яц оцу хьокъехь.

Дахначу шарахь цхьа могIа лаккхарчу даржашкара хьаькамаш а, бизнесхой а, шайлахь паччахьан доьзалера нах а болуш, лецнера принцан Салман бин Мухьаммадан омраца, коррупци лелорна аьлла.

Пачхьалкхан дола даккхий ахчанаш даха реза хиллачул тIаьхьа царех дукхахберш маьрша баьхнера.

XS
SM
MD
LG