ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Азербайджанехь карийначу йоккхачу стагна гIодан тIелаьцна Кадыровс


Цхьадолчу зорбанаша Нохчийчуьра ю боху, Азербайджанехь карийначу йоккхачу стеган Алиева Мадинин хьокъехь йоза дитина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамазана Mylistory агIон тIехь.

"Информаци Iораяьлча ас сихонца талламаш бар тIедиллира сайн векалшна. Азербайджанан чоьхьарчу гIуллакхийн белхахошца къамел хиллачул тIаьхьа билгалдаьлла, Алиеван цхьа а гергара стаг цахилар я Хасав-Юьртахь а, я цуьнан кIошташкахь а, цуьнан карарчу кехат тIехь Осман-Юьртара ю аьлла делахь а, оцу юьртан администрацина цунах лаьцна хууш хIуммаъ дац", - аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс.

Иштта Кадыровс яздо, Нохчийчуьрчу паспорт лучу хьукматан информацица, 1914-чу шарерчу Алиева Мадинин цIарах арадаьккхина цхьа а кехат дац. Ша хенара хиларе терра, йицъеллачух тера ду Алиева. ша билггал стенгара ю ала.

"Шотан суьйранна сан тIедилларца Бакухь хилира сан векалш, цара мел оьшу юур-мерг а дIакхачийна цунна. Оршотдийнахь Азербайджанерчу Оьрсийчоьнан векалтца дийцаре дийр ду иза Нохчийчу ялоран гIуллакх. Иза цхьалха, де эшна стаг ю, цундела иза миччара елахь а, оьшшу гIо латтор ду ас", - аьлла, тIелаьцна Кадыров Рамзана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG