ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

11 элана кхел йир ю СаIудийн пачхьалкхехь


Эла бен Iабдулла Митеб. Архивера сурт.
Эла бен Iабдулла Митеб. Архивера сурт.

СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан Iедалша дIахьедар дина, шайна мехкан хазнара ахча ца даларна паччахьан хIусамна хьалха охьахевшина дуьхьалонан акци дIаяхьначу 11 элана кхел йийр ю шаьш аьлла.

СаIудийн инарлан прокуроро ал-Моджиб Сауда дIахьедар дина, цхьана а махкачуьнан бакъо яц низамо бохучул тIехвала аьлла.

ДIадахнчу кIиранах, еарин дийнахь, СаIудийн Iаьрбийчохь паччахьийн доьзалашкара 11 кIант лаьцнера, пачхьалкхан бюджетера паччахьийн доьзалашна хьежо ахчанаш совцор ду аьлла Iедало бинчу сацамна дуьхьалбовларна.

Стохка Мангал-баттахь коррупцица къийсам дIахьош СаIудийн пачхьалкхехь лецира иттаннаш паччахьан доьзалшкара эланаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG