ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен спортхой Пхёнчанехь йир йолчу Олимпиаде бахийта дагахь ю Къилбаседа Корей


Герзаш дихкина зона -- Шина Корейн векалш цхьаьнакхетта герзаш дихкинчу зонехь Iуьллучу Пханмунджом эвлахь.
Герзаш дихкина зона -- Шина Корейн векалш цхьаьнакхетта герзаш дихкинчу зонехь Iуьллучу Пханмунджом эвлахь.

Къилбаседа Корейно шен спортхой а, царна гIортор йон тоба а, лаккхарчу даржашкахь болу Iедалхой а хьажор бу луларчу Къилба Корейн Пхёнчханехь хир йолчу Iаьнан Олимпиаде. Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло. Цо дийцарех, цу кепара сацам бина Пхеньяно, Сеулан векалшца герзаш дихкинчу зонехь Iуьллучу Пханмунджом эвлахь дийцарш дIадаьхьначул тIаьхьа.

Хьалхо хаам бинера Къилбаседа Корей шен куьцара канкеш хахкархой бахийта дагахь ю Олимпиаде аьлла.

Шина Корейна къахь дийцарш дIадахьарна гIортор йина Iамеркан президенто Трамп Доналда. Ткъа Пентагоно дIахьедар дина, кхушеран юьххьехь Къилба Корейца цхьаьна хила дезаш хилла тIеман Iамораш тIаьхьататтеттина шаьш аьлла.

XIII Iаьнан Олимпийн ловзарш хир ду Чиллан-беттан 9-25 деношкахь Къилба Корейн Пхёнчхан гIалахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG