ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Боснехь тIом боьдуш маьрша адамаш дайина стаг лаьцна Германехь


Босни -- ТIом боьдуш снайперо топ тоьхна йийначу шен хIусамненан кошаан тIехIотта веана стаг. Гезг. 8, 1993.
Босни -- ТIом боьдуш снайперо топ тоьхна йийначу шен хIусамненан кошаан тIехIотта веана стаг. Гезг. 8, 1993.

Боснерчу сербийн тIеман тобанан хилла декъашхо лаьцна Германехь. Цу хьокъехь хаам бина Боснин а, Герцеговинин а прокуратуро. Цу стагана бехке дуьллуш ду 1990-чу шерашкахь, Югослави йоьхначул тIаьхьа Балканашкахь тIом боьдуш, тIеман зуламаш дар.

Прокуратуран векло бинчу хаамца, 51 шо долу Обрадович Милорад лаьцна Мюнхенна гергахь, Сараевохь еллачу дуьненаюкъарчу ордерца. Германин Iедалша процедура йолийна цу стагана Босне экстрадици ян.

Обрадович бехке веш ву 1992-чу шеран Товбеца-баттахь 120 Боснера бусалба вахархо лоцуш дакъалацарна. Талламхоша кечдинчу кехаташца а догIуш, и маьрша нах байина сербаша. Царах кхоъ шен куьйга вийна Обрадовича.

Боснин прокуратуро бинчу хаамца, стохка ГIура-баттахь оццу бехктакхаман гIуллакхехула лаьцнера кхин цхьа стаг – Кнежевич Слободан.

1992-1995-чу шерашкахь Боснехь хиллачу тIамехь вийна 100 эзар гергга стаг. Цхьа миллион ах миллион бахархойн дийзира, хIусамаш а, бахамаш а буьтуш, шаьш деха меттигаш хийца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG