ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВорхI шо долу жима кIант валар толлуш ду Нохчийохь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Бохам хилла Шелковской эвлахь Дечкен-беттан 8-чу дийнахь. 10 шо долчу кIанта шен ден сейф чуьра травматикан тапча схьаэцна хилла.

Герз ловзош ларамаза даьллла. Дендарг коьртах кхетта цу кIентан 7 шо долчу вешина. Бер кхелхина оцу меттехь.

Хилларг толлуш бу талламхой. Цара билгалбоккхур ду, герз латторан кхерамазалла тесна йитинчу, де-нена бехк бу-бац бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG