ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Вайн къомана юьхькIаме хIума дац вийнарг дIа ца верзавайтар"


Эвтарарчу полисхойн хьаькам вийна аьлла, шеконашца хIаллаквинарг лаьтте кховдонза ву хIинца а.

19-чу бIешерашкахь императоран эскаро Къилбаседа Кавказехь тIом латточу заманахь а, вовшийн беллачийн декъий а хуьйцуш, байинчу гIазакхийн салтийн чалхаш, мостагIийн ю аьлла, тесна ца юьтуш, лаьттах а юхкуш, заманаш яьхкина хиларх дуьйцу историно.

Иштта Нохчийчоь тIеман шерашкахь а, кIезиг меттигаш бац, нохчаша оьрсийн салтийн декъий, меца лелачу жIаьлешка, цицигашка хIаллак ца дайта, дакъе болчу ларамца, лаьттах хьулдина.

ХIетахь дино а, Iадаташа могуьйтуш цахиларал совнаха, адамаш шаьш а тIех ца довлура иштачу мIаьргонна.

Кху деношкахь Ютюбехь яьржинчу видеоно гойтучу суьртехь, Эвтарарчу территориалан полисхойн декъан хьаькам, майор Устарханов Абубакар вийначунна дуьхьал хIаллаквинчу оццу юьртарчу Баймурадов Хьамзатан дакъа юьртарчу майданахь бертал охьа а тесна, цунна гонах полисхой а, меттигера кегийрхой а гулбина, Iедало дIахьо барам.

Дахначу кхаарийн суьйранна "Кавказ.Реалиига" хаамбира, Шелан кIоштарчу Эвтарахь билггал мила ву цахуучо тIелатар дина, вийна меттигерчу полисхойн декъан куьйгалхо Устарханов Абубакар аьлла.

Цуьнгара яьккхинчу Toyota Camry машенахь къайлаваьлла, бехке ву аьлла шеконашка эцна оцу юьртара 1990-чу шарера Баймурадов Хьамзат, яздора портало.

Йоккха хан цу юкъа йолале, тIекхиинчу полисхоша эвлайистехь вийна бекхамах ведда Баймурадов Хьамзат аьлла, информаци а кхечира.

Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло шайн официалан сайтехь бинчу хаамца, гIаттамхошца уьйрашкахь хилла аьлла, бехкевина, кхеле озийна хилла ву Баймурадов хьалхо.

2011-чу шарахь гIаттамхошкара ахча схьа а эцна, царна бедарш а, тIеман гIирс а эцна, ханна цана хIусам а нисйина, уьш дIатарбеш гIоьналла а латтийна хиллера цо, яздора чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайта тIехь.

Иштта дуьйцу, 27 шо долу Баймурадов полисхошлахь болх бина хиларх а, Чувашехь юридикан факультет чекхъяьккхина хиларх а.

"Кавказан узел" агенталло чIагIдарца, полисхойн хьаькам вийначу суьйранна дуьйна лецна латтош бу цуьнан вежарий а, ден агIор мел волу бьрша стаг а.

Тахана а вийначун гергарчаьрга дIаволлийта дIавелла вац церан вийна стаг, ур-аттал, дино а, ламасташа а ма хьоьхху, тезет хIоттон а ца магийна кертахь Iедало.

Эвтарахь бахархой а гулбина, видео йоккхучу дийнахь дакъа шайца схьадеана хилла полисхоша, сурт хIоттийначул тIаьхьа юха шайца дIа а даьхьна.

Iедало цхьана а кепара комментари юьтуш яц оцу видеон лорах. Бакъду, "Дождь" телеканална еллачу интервьюхь Нохчийчуьрчу къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министро Умаров Джамбулата даим санна, бакъ ца дира майданехь Баймурадовн дакъа охьатесна латтор.

"Iаламат дукха видеош ю тахана Ютюбехь а, кхечу социалан машанашкахь а Нохчийчоьнах ю а бохуш, яржош. Суна гина оцу видеон цхьа дакъа, амма ас цунах лаьцна дош эр дац, хIунда аьлча, сан шеконаш ю и сурт Нохчийчохь хиларх", - аьлла, дерзийна шен къамел министро.

Амма цо билгалдоккху, бехк боцуш стаг вийначун тезета нах боьлхуш цахилар.

Ткъа хаьий-те Iедалан векална, веллачун дакъа я иза дIавоьллина меттиг сийсазъяккхар магош доцийла Оьрсийчоьнан зуламан кодексехь 244-чу артикло, хуьлийла и политикан, идеологийн бахьанашца, къаьмнашка я динца болчу цабезамца.

Маршо Радиоца къамел динчу Москохарчу адвокато Хадисов Мусас веллачун дакъа къайладаккхарца, долчуьнга иза лаьттах ца доллийтар, шаьш адамийн бакъонаш талхийна а ца Iаш, доллу къомана къиза, кIоршаме тIеIаткъамбар ду элира.

Москох юридикан системехь 30 сов шерашкахь болх бен Хадисов Муса ву дуьйцуш:" Цхьана а пачхьалкхашкахь, цхьана а къомо лелийна хIума дац и. Цивилан адамашлахь цхьаммо а лелош я лелийна а дац и хIума. Бусулбачу нахалахь, хьала а, охьа а цкъа а лелла дац и тайпаниг, я магийна а дац, я КъорIанна тIехь а, докъана тIехь и хIума леладар.

Дакъа долчуьнга дIа а доллийтина, цул тIаьхьа бан беза-кх къестамаш. ХIинццалц схьа хиллачу тIемашкахь, цхьа бIе шо хьалха а хиллачу тIемашкахь а ма ца лелийна и тайпа къизаллаш. Цкъа хьалха талла ма деза гIуллакх, билггал цо вийний, хIунда вийна, бухе диллина хIун ду, кхелахоша къастам бан ма беза. Ткъа кхузахь йина кхел а яц, бина талламаш а бац, левина стаг а вац, велларг схьа веана, лаьтта охьакхийсар магийна хIума дац".

Магийна цахиларал а совнах, юристо бахарехь, оцу веллачунна а, цуьнан гергарчарна а дина ца Iаш, доллу нохчийн къомана деш зен ду Iедало оцу масалашца.

"Вайна юьхькIаме хIума дац кх и, кхечу къаьмнашка ладоьгIча а, деккъа къоманна деш зен ду-кх и. Адам вовшацша эвхьазадоккхуш, къизалла кхиор ду-кх и. Акхароша а ца леладо и тайпа зуламаш. Нохчийн интеллект, менталитет йохош хIума ду-кх иза, соьга хаьттича", аьлла, дерзийра шен къамел вевзачу адвокато Хадисов Мусас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG