ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIаваьлла Дуисехь чевнаш йина волу Мачаликашвили Темирлан


Гуьржийчоьнан эскархоша лелийначунна шаьш реза ца хилар хоуьйтуш гулам дIабахьира Дуисехь ПIаьнгазарчу бахархоша.
Гуьржийчоьнан эскархоша лелийначунна шаьш реза ца хилар хоуьйтуш гулам дIабахьира Дуисехь ПIаьнгазарчу бахархоша.

Тбилисерчу клиникехь дIаваьлла Паьнгазахь талламан операци дIахьош гуьржийн эскархочо герз тоьхна чевнаш йина волу Мачаликашвили Темирлан. Цуьнах лаьцна хаам бина лоьро Лурсманашвили Зазас, яздо "Грузия онлайн" сайто.

Лоьро дийцарехь, Мачаликашвили велла тахана, кхаарин дийнахь, Iуьйранна.

19 шо долчу Мачаликашвили Темирланна герз тоьхнера коьртах а, белшах а пачхьалкхан кхерамазаллин сервсисан белхахоша Паьнгаза чIожехь леррина операци дIахьош. Ши кIира гергга хан яьккхира цо кхетамчу ца вогIуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG