ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Левада-центр: Оьрсийчоьнна мостагIаша го бина аьлла хета 23 % бахархошна


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Социологаша бинчу талламца, 66 процент оьрсийчоьнхой тешна бу Оьрсийчоьнан мостагIий бу бохучух.

ТIахьарчу 23 шарахь цу хаттарехула уггаре лакхара гайтам бара 2014-чу шарахь. Оцу шарахь бинчу талламца а догIуш, Оьрсийчоь мостагIаша гоне лаьцна ю аьлла хеташ бара 84 процент респонденташ. Цунах лаьцна хаам бина РБК агенталло, "Левада-центро" бинчу талламна тIе а тевжина.

Оьрсийчоьнан коьрта мостагIий лору цу пачхьалкхерчу бахархоша Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ а (68 процент), Украина а (29 процент), Евробарт а (14 процент).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG