ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан Кхеташонан комиссаро дIахецар доьху бакъонашларъярхо Титиев


Муйжниекс Нилс.
Муйжниекс Нилс.

Европан Кхеташонан адамийн бакъонашкахула волчу комиссаро Муйжниекс Нилса кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка, "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Омар мукъаваккха аьлла.

Цунах лаьцна Европерчу комиссаро яздина шен Facebook-рчу агIонехь.

Муйжниексна хетарехь, Нохчийчуьра бакъонашларъярхо хьийзош ву шеконе бехк а кхоьллина.

Нохчийчохь шинарин Iуьйранна лаьцна "Мемориалан" цу республикерчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб. Шен доттагIца цхьаьнакхета вахана хилла иза Майртупа. Амма ша воьдучу Титиев дIа ца кхаьчна.

ДоттагIчуьнга шен телефон дIа ца кхетча, цунна дуьхьал ваханчу цуьнан накъостана гина иза тIайн тIехь лаьтташ, гонах бевлла полисхой а болуш. ТIаьхьо бакъонашларъярхо дIакхачийна Куршлойн эвла, хетарехь, меттигерчу полицин декъе.

Титиев бехке веш ву наркотикаш лелорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG