ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнах лаьцна "забарш" йинчу лицейн директорна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна Калинградехь


Талламхоша дийцарехь, Калининградерчу номер 49 йолчу лицен директоро Осипова Людмилас барт бина хилла дешархойн дай-нанаошца, шайн лаамехь, амма ма дарра аьлча нуьцкъала, ахча гулдар хьокъехь, хаам бо lenta.ru хьастано. 2015-2016-чу шерашкахь цу кепара директоро гулдина хилла 3 миллион 500 эзар сом.

Цу ахчанах 2 миллион 500 эзар сом гIаролхойн компанина делла цо, цу хьашташна гIалан бюджете ахча луш доллушехь. Цу кепара, Осипова Людмилас ахча шена лахьош хилла аьлла, жамI дина талламхоша.

Стохка ГIура-баттахь прокуратуро дIахьедар динера, директор шен декхаршца ларалуш хилар хьокъехь хаттар дийцаре дан деза гIалин Iедалша аьлла.

Цу хенахь цу зудчунна бехке дуьллург дара субкултураш бахьана долуш иккхина дов. Лицей хиллачу мероприяте дешархоша къаьркъан шиша а, хIинцца йийначу хьакхийн корта а беанера, ткъа кхиазхой бара, спортан хечеш а йоьхна, дерзинчу дегIа тIе яздина «Чечня - это круто» йоза а долуш.

Осиповна цу хенахь тIехIоьттинера дай-нанойн комитет. Ткъа ша директор дарбанан цIийне охьайижнера, ша кIена хиларна а, администрацех йозуш ца хиларна а балхара дIаяккха гIерташ ду Iедалш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG