ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Черкасов: "Фас" аьлла, команда деллачух тера ду


Юха а наркотикаш. Бакъонашларъярхо. Iедал.

Iедалца гома хьо велахь, цо дуьйцург а, хьуна хетарг а кеп-кепарчу беснашкахь нислахь, хIуммаъ хала дац хьан машенчохь, кисанахь, я хIусамехь наркотикаш карон.

2014-чу шарахь Къилбаседа Кавказан къаьмнийн Ассамблейн президентан Кутаев Русланан кисанашкахь а "карийра" кхо грамм героин.

Ткъа 2015-чохь Куьрчаларчу кешнийн кертахь лаьцначу "Кавказан узел" агенталлан журналистера Гериев Жалавдигара 167,07 грамм каннабис олу кIомал "яьккхира" полицино.

Шинарийн Iуьйранна Соьлж-ГIаларчу "Мемориал" олучу центран декъан куьйгалхо Титиев Аюб (паспортца Оюб) лаьцна, машенах хьоьвсича 180 грамм марихуана а "йоккхуш". Бехкзуламан гIуллакх дуьхьал а долийна, талламаш бан болийна бакъонашларъярхочунна гонах.

Цхьана а кепара шеконаш ца юьсу "Мемориал" организацин а, Титиев уллера вевзаш хиллачийн а, Iедалан кийтарлонех боьллачу бахархойн а, и гIуллакх бух болуш, мIара дIатасаяллал а лаьцначун бехк боцуш хиларх.

Нохчийчохь тIемаш бирзинчул тIаьхьа, еххачу хенахь Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан» центрехь болх бинчу бакъонашларъярхочо Байсаев Iусамас Титиев шена дикка вевзаш хилар а хоуьйтуш, дийцира Маршо Радионе, Аюбан наркотикашца бала-м аьттехьа а ца хиллера, ур-атталла, цигаьрка узучу стагна ша уллохь нисвелча а, мел а къаьхкара иза, шена хьожа ца кхетийта, бохуш.

Делахь а, Титиев лаьцна ву, цуьнгара наркотикаш а яьхна шаьш боху полицино, цу тIехь ца соцуьйтуш, кхи дIа а тоьшаллаш лоьху цара, иза бехкала волла.

Кхаарийдинахь Титиев вехаш хиллачу Куьрчаларчу цIийнах хьовса баьхкинчу полисхоша, хиттина Титиев Аюбан 28 шо долу кIант Бекхан а, ваша Якъуб а.

Уьш тIекхочучохь боцийла хиича, дуьйцу "Мемориало", дарбеллачу полисхоша тIедиллина тахана, еарийдийнахь Iедална цушиннан тIеван дезар.

Стенна лоьхуш хилла Iедало лаьцначу Титиев Аюбан воI а, ваша а аьлла Маршо Радионо хаьттича, "Мемориал" бакъонашларъяран Центран Кхеташонан куьйгалхочо Черкасов Аександра дийцира: "Шинарийдийнахь Титиевн машенчу наркотикаш кхийсинчул тIаьхьа, шега кхийдо бехк цо тIе ца лаьцна.

Цо мукIарло ца дича, талламан аьтто ца болу, тоьшаллаш тIечIагIдан. Цундела оьшуш ду бехк Титиевс тIелацар, иза къера хилар. ХIун лехна цуьнан цIахь хоьтту ахь? Ца лехна цуьнан бехкхиларан тоьшаллаш, цара лехна цуьнан гергарнаш. Тхо кхоьрург ду, Титиевна тIеIаткъам бархьама цуьнан нах царна хьаштхилла хилар.

Цуьнан нах закъалте эца, царна тIехь ницкъбича, бехкевечо хIуъа а тIелоций а хууш, хIинццал а кхечеран гIуллакхашца санна. Титиевн цIахь тоьшаллаш а ца гулдеш, цуьнан гергара нах лехаро а гойтуш ду, цунна дуьхьал даьккхина гIуллакх – еккъа фабрикаци юйла".

Иштта "Мемориалан" информацица, бакъонашларъярхочун Куьрчаларчу доларчу цIа чохь беха цуьнан вешин доьзал а чуьра а ара а баьккхина, хIусамна догIанаш а тоьхна, шайца дIадаьхьна. Ткъа шен, Аюбан доьзал дозанал а арахьа беха.

Цундела хIинца Титиев Аюбан цIа чохь цхьаъ каро лаахь, шайца схьаеана, чохь охьайилла аьтто бу аьлла хета бакъонашларъярхочунна Черкасов Александрна.

"Кхи дIа а Титиевна бехкаш тIеохка, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш даха куьйгаш даьстина ду-кх полисхойн", - элира цо.

Титиев лаьцначу хьалхарчу дийнахь адвокат тIе ца вуьтуш, хан яйинехь а, тахана цунна орцахваьлла хьийза ши адвокат.

"Шина а дийнахь адвокатийн къамелаш хилла Аюбца. Цхьаъ Заикин Петр ву, шолгIачу дийннехь Москохара Соьлж-ГIала кхаьчна волу. Ткъа важа меттигера Тельхигов Аслан цIе йолу адвокат ву", - аьлла, дийцира Черкасовс.

Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" векал Эстемирова Наталья йийначу хенахь Москохарчу "Мемориал" центран куьйгалхочо Орлов Олега, динчу зуламна Кадыровн го бехке а беш, дIахьедар дира.

Бакъонашларъярхо Титиев Аюб дIалацийтарна гунахь мила ву аьлла хета хаьттича, делла жоп ишта ду Черкасов Александран: "ХIаъ, хIетахь Орловс дира цу кепара дIахьедар. Кадыровс дуккха а искаш ехира Орловна дуьхьал, амма кхелехь ийшира иза. Тхуна ца хаьа, харцонца бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал дохург мила ву.

Бакъду, дукха хан йоццуш, байначу беттан 25-чу дийнахь ду-кх и, Кадыров Рамзан Iамерко "Магнитскийн тептаре" ваккхарх шена хетарг олучу парламентан спикеро Даудов Мохьмада, Нохчийчохь болх бен бакъонашларъярхой а, кеп-кепара юкъараллаш, фондаш а хьахочу хенахь, ша резахилар хаийтира ишта нах байа. "Фас" аьлла, луш долу команда санна лара мегар ду и дешнаш".

Шинарийдийнахь дуьйнна лаьцна латточу бакъонашларъярхочун Титиев Аюбан цхьана а адвокатца Маршо Радион цкъачунна аьтто ца хилира зIене довла, амма гергарчу хенахь гIуллакх шен тергонехь а латтош, хаамаш зорбане бохур бу оха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG