ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германерчу полицино лохуш ду 9 бутт болу нохчийн бер


9 бутт болу Ясмина
9 бутт болу Ясмина

Немцойн Бранденбург лаьттарчу полицино лехамашка елла 9 бутт кхаьчна йолу нохчийн йоI. Ясмина цIе йолу иза, Iедалхоша баржийначу хаамца, ГIура-Беттан 31-чохь дуьйна карош дац. ЙоI тIаьххьара билгал хилла меттиг Бранденбурган Гранзее олу кIошта ю, ткъа цул тIаьхьа, тешаша чIагIдарехь, и бер чохь долу гIудалкх некъахошна гина Берлинерчу Ораниенбург метрона гена йоцуш.

Цунна тIехь ал басахь Iаьнан духар а, кIайчу басахь куй а, мачаш а хилла. Ша чохь Iуьллучу Iаьржа-мокхачу гIудалкхаца цхьаьна дайна ду бер.

Маршо Радион Германерчу хьосто дийцарехь, бер дайна хилар цуьнан да-нана къаьстина хиларца доьзна хила мега. Цара шайн доьзалхо вовшашца къовсархьама къайладаьккхина хила там бу, боху, жима йоI.

Бранденбургерчу полицино толлуш ю и верси а.

Ясмина йолу меттиг хуучаьрга дехар до полицино, цунах лаьцна хаам бар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG