ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен машенчу наркотик кхоьссина полисхочо, аьлла Титиевс кхелехь


Адвокат Заикин Петр.
Адвокат Заикин Петр.

"Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочо Титиев Оюба кхелехь дIахьедар дина, наркотикаш шен машенчу кхоьссинарг полисхо ву аьлла. Цунах лаьцна хаам бина адвокато Заикин Петара.

Титиевс латкъам кечбина меттигерчу Талламан комитете цу полисхочун дуьхьал бехктакхаман гIуллакх доладар доьхуш. Иза Нохчийчуьрчу талламан комитетан куьйгалхочуьнга, я цуьнан когаметте кара дIадала дагахь ву адвокат Заикин.

Селхана, Дечкен-беттан 11-чу дийнахь, Шеларчу гIалан кхело шина баттана лаца сацам бина Титиев. 60 шо долу "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо бехке веш ву 180 грамм наркотик лелорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG