ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIудийн Iедалша визанаш лур ю, уллехь борша стаг а воцуш, шайн махка богIучу зударшна


Эр-Рияд. Архивера сурт.
Эр-Рияд. Архивера сурт.

СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан Iедалша визанаш яла йолор ю, уллехь божарех гергара стаг а воцуш, шайн махка богIучу 25 шаре бевллачу зударшна. Керла кеп болх бан йолалур ю кхушеран хьалхарчу кварталехь дуьйна.

Цкъа махка бахка бакъо луш йолу виза хир ю 30 денна лерина.

Хьалха зударийн бакъо яцара цу махка бахка, гергара стаг уллехь а воцуш. ХIинца и дехкар дуьсур ду 25 шо кхчанза болчу зударшна а, мехкаршна а.

СаIудийн пачхьалкхан туризмехула йолчу комиссино хаам бина, керла кеп юкъайокхуш ю шаьш, туристийн шайн махка бахка лаам хилийтар Iалашонца аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG