ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакохара йоккха стаг Алиева Мадина дIахьажийна Соьлж-ГIала


Баку.

Азербайданан Геранбойн кIоштахь карийна йолу 104 шо долу нохчийн йоккха стаг леррина кечйинчу машенахь Соьлж-ГIала дIахьажийна аьлла, хаам бина Бакохарчу "Сестры Матери Терезы" цIе йолчу дан амал доцуш бисина нах тIеоьцучу хIусамера, яздо "Кавказский узело".

1914-чу шарахь йина йолу Алиева Мадина полисхошна карийнера, гIора а йина урамехь.

Болчу хаамашца, паспорт тIерачу хенаца иза дуьненчу яьлла 1914-чу шарахь. Оьрсийчоьнан яхархо а ю иза, яхар Нохчийчохь ду, амма маьршша буьйцу цо азербайджанхойн мотт.

XS
SM
MD
LG