ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадан эскарш Идлиб провинцина тIелатарна критика йина Туркойчоьно


Шема -- Оппозицин тIемалой яккхийн тоьпаш етташ бу Идлиб провинцина тIелеттачу Асадан эскарийн позицешна, Дечк. 11, 2018
Шема -- Оппозицин тIемалой яккхийн тоьпаш етташ бу Идлиб провинцина тIелеттачу Асадан эскарийн позицешна, Дечк. 11, 2018

Шемахь президентан Асад Башаран эскарш Идлиб провинцина тIелатаро мухIажирийн керла тулгIе ойур ю аьлла, дIахьедар дина Туркойчоьнан премьер-министро Йилдырим Биналис. Цо кхайкхам бина Оьрсийчоьне а, ГIажарийчоьне а, тIелатар сацаде аьлла.

Идлиб тIаьххьара провинци ю Шемахь оппозицин ницкъаша Iуналла деш йолу. Кху тIаьхьарчу кIиранашкахь Асадан эскарша ницкъаца араяьхна цигарчу масийтта эвлара тIеман тобанаш.

Карарчу хенахь тIемаш боьлхуш бу Идлиб провинцин малхбалехь йолчу Абу-Духур олучу авиабазина гонаха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG