ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн евзаш йолу журналист, профессор Горюхина Элвира кхелхина Москохахь. Иза оьрсийн публицисташна юкъахь уггаре а евзачарех цхьаъ яра.

Новая» газетан лерина корреспондент йолу Горюхина 1992-чу шарахь дуьйна тIемаш а, конфликташ а йолчу меттигашкахь лелаш яра.

ШолгIа тIом болабелча дуьйна схьа дуккхаза а Нохчийчохь хилла йолчу Горюхинас, шен артиклашкахь а, очеркашкахь а яздора Бумтахь а, СемаIашкахь а, Соьлж-ГIалахь а оьрсийн эскархоша лелийначу зуламех лаьцна.

2000-чу шарахь араелира Горюхинан «Хьехархо Кавказе яхар» цIе йолу гулар, цуьнан Нохчийчохь хиллачу цхьаьнакхетарех лаьцна дуьйцу очеркаш тIехь а йолуш.

Сахаров Андрей цIарахчу премица а, «Оьрсийчоьнан дашо къолам» совгIатца а билгалъяккхина яра Горюхинан кхолларалла.

XS
SM
MD
LG