ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Корейно шен артисташ бохуьйтур бу Пхёнчхане


Шина Корейн векалша дагадовларш дIахьочу Панмунджомехь (Panmunjom) ха деш бу Къилба Корейн эскархой. 09 Дечк. 2018.
Шина Корейн векалша дагадовларш дIахьочу Панмунджомехь (Panmunjom) ха деш бу Къилба Корейн эскархой. 09 Дечк. 2018.

Корейхойн пачхьалкх цхьаьнатохаран Къилба Корейн министралло хаам бина шот дийнахь, Къилбаседа Корей шен артисташ Пхёнчхане хьовсо дагахь хиларх лаьцна. Цара дакъалоцур ду Къилба Корейн цу гIалахь хир йолчу Iаьнан Олимпиадехь. Цунах лаьцна хаам бина Рейтер агенталло.

Пхеньяно хаам бина, шаьш шайн артисташ Олимпиаде хьажорах лаьцна хаттарш дийцаре дан лууш ду, герзех мукъа йолчу зонерчу Панмунджом эвларчу Тонгил павильонехь аьлла.

Пхёнчханехь Iаьнан Олимпиада хир ю Чиллан-беттан 5-25 деношкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG