"Грозный Авиа" компанин хиллачу директорна дуьхьал бекхталламан гIуллакх долийнера стохка, цо шен сутараллица белхахошна алапаш дIа ца делла аьлла. Цо шегахь сацийнарг хиллера 3 миллигн 259 эзар 151 сом.
ХIинца талламхоша и гIуллакх, теллина а далийтина, дIакхачийна суьде. Куьйгалхо бехкехилар тIечIагIдахь, 2 шарера 5 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан йогIу цунна. Цул сов дехка догIу цунна 5 шерахь куьйгалхочуьнан даржехь болх бар а.