ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровга видеокхайкхам бина зуда емалйина гергарчара


Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане видеокхайкхам бинера зудчо.
Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане видеокхайкхам бинера зудчо.

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане а, цуьнан нене а видеокхайкхам бинарг Францехь еха Гучигова Iайшат ю аьлла, хаам бина цуьнан гергарчара. Цара телевизионехула дIахьедар дина, цо динарг бахьана долуш юьхьIаьржа ду шаьш аьлла, ткъа цхьана цуьнан гаргарчу стага сардам а боьллина зудчунна.

ЧГТРК "Грозный" телевизионан эфирехь и зуда кхетамчура ю аьлла.

Шен юьхь а хьулйина цхьана зудчо видеокхайкхам бинера Кадыровга а, цуьнан нене а, Нохчийчохь лечкъийна болчу кегийрхойн да-наношка а.

Шен къамелехь цо дехар дира республикан куьйгалхочуьнга кегийрхой Iадбита аьлла, ткъа Кадырова Аймане дийхира Iаткъам бе цунна аьлла. Ша аьлча, видеон авторо дагаваийтира стохка дуьйна карош воцу йишлакхархо Бакаев Зелим. Иза шен нене дIало бохуш яра къамелдийриг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG