Нохчийчоьнан куьйгалхочуга а, цуьнан нене а видеокхайкхам бинчу зудчо керла пост хоIттийна YouTube-хь.
Цу зудчо ша кийча ю боху Кадыров къинтIера вакхха, нагахь цо Нохчийчох доьза байначу нехан декъеш мукъане а гергарчаьрга дIалахь.
Нохчийчоьнан Iедалшна критика ярна шена дийр долчу таIзарх а, ша ерна а ца кхоьру ша боху авторо. Цо иштта чIагIдо, ша доьхург кхочуш хилахь кхин керла видеокхайкхамаш бийр бац ша бохуш.
ПIераскан сарахь ANTI KADYROV Youtube-каналера гучура дIаевлира цу зудчо хьалха дина къамелаш тIехь долу ерриг а видеороликаш. Тахана цо шега хьоьвсуш болчу нехан хаттарна жоьпаш делира YouTube-хь онлайн эфирехь. Ткъа карарчу хенахь цигахь лаьтташ ю ши видео.