ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп «сацо веза» аьлла, кхайкхам бина Нохчийчуьрчу депутаташа


Даудов Мохьмад.
Даудов Мохьмад.

Iамеркан президент Трамп Доналд сацавахьара аьлла, дуьненаюкъаралле, дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхойн вовшахтохараллашка, Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн вовшахтохаралле, Дуьненерчу могушалла ларъйон вовшахтохаралле кхайкхам бина Нохчийчоьнан парламентан депутаташа. Цунах лаьцна шен «ВКонтакте» социалан машанехь хаам бина спикеро Даудов Мохьмада, яздо «АиФ» газето.

Даудовс дийцарехь, цу тайпа депутаташа кхайкхам баран бахьана ду, Кадыров Рамзана хьалхо Iамерка тIом боккхуш ю аьлла, дина дIахьедар. Иза динера Нохчийчоьнан куьйгалхочо, Iамерко шен махкахой баха кхераме йолчу пачхьалкхашна Оьрсийчоь юкъатохарна.

Цхьаьнатоьхначу Штаташа «Магнитскийн цIейозана» юкъатоьхна Даудов Мохьмад 2014-чу шарахь, яздо «АиФ» газето.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG