ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевна накъосталла дан барт бина Норвегино


Титиев Оюб.
Титиев Оюб.

Норвегин арахьарчу гIуллакхийн министралло дийцаре дийр ду Титиев Оюбан гIуллакх, иза дIахецийтар Iалашонца, Оьрсийчоьнца хир долу дийцаршкахь. Цу кепара жоп делла цу мехкан арахьарчу политикан хьукмато Норвегерчу ХIелсинкин комитето бакъонашларъярхочунна накъосталла де аьлла динчу дIахьедарна

Норвегин ХIелсинкин комитетан инарлан секретаро Энгесланд Бьорна дIахьедар дина, ша цецваьлла вац Титиевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долорна аьлла. "Нохчийчуьрчу Iедалша хьийза бо майра нах, адамийн бакъонаш талхорна дуьхьалбевлла болу», - аьлла цо, хаам бо «Кавказский узело».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG