ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь бакъонашларъярхой байъа дагахь ю "Вилаят Кавказ"?


Архивера сурт.

"Исламан пачхьалкхан" дакъа долчу "Вилаят Кавказ" тобанан цIарах Оьрсийчуьра бакъонашларъярхой байъа аьлла кхайкхам тIехь болу видео яржийна социалан машанашкахь, хаам бо "Кавказский узело".

Цо дийцарехь, герзаца волчу 4 стага, тIехьа дIатоьхна "Исламан пачхьалкх" тобанан байракх а йолуш, кхайкхам бо Оьрсийчуьра хаьл президентан харжамаш тIекхочуш карзахдаккха бакъонашларъярхой байъа беза бохуш.

Цу наха боху, юкъараллана моьттур ду и зуламаш дарна бехке ву Кадыров а, Путин а.

Масалла санна дала до цара, дуьненаюкъаралло тидам тIебахийтина "Мемориалан" Соьлж-ГIаларчу декъан Титиев Оюбан гIуллакх.

Амма бакъонашларьярхошна иза фейк олу, леррина кечбина харц хаам бу, билгалдоккху "Кавказский узело".

XS
SM
MD
LG