ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна пароди йина блогера (ВИДЕО)


Ютюбан-блогеро Поперечный Данила шен каналехь зорбане яьккхина ГIура Дадас Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан шен "дикачу гIуллакхийн гIоьнча" хIоттош видеоролик.

Роликан сюжетехь ГIура Дадин Великий Устюг гIаларчу резиденци вогIу Кадыров, балха хIотта Iалашонца. Цунна дала шен резиденцехь маьрша дарж дац ГIура Дадас аьлча, оьгIазе хьийза Кадыров, тIаккха "дикачу гIуллакхийн гIоьнча" ша эцар доьху.

Роликан чакхенехь мехкан куьйгалхочо чIагIо йо, шайн барт хиларца Устюгехь, Соьлж-ГIалахь санна, Тиматин Black Star Burger схьайоьллур ю ша олий.

Поперечныйн видео бухахь хьовсархоша комментареш йитина, цхьаболчарна хетарехь и видео "тIаьххьара" ю блогеран.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG