ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъонашларъярхочун Титиев гергара нах махкара дIабахана


Наркотикаш лелийна аьлла, Iедало бехке а вина, лаьцначу Нохчийчуьрчу "Мемориалан" декъан куьйгалхочун Титиев Оюбан гергара нах махкара дIабахана, Iедалера кхерамах кхоьруш аьлла, хаамбина кIирандийнахь бакъонашларъярхочун адвокато Заикин Петра "Новости" агенталле.

Еарийдийнахь Шелан кIоштан кхело шина баттана лаьцна латтош ву Титиев, цуьнан машенчуьра наркотикаш яьхна аьлла. ПIераскандийнахь бакъонашларъярхочун адвокато мехкан Лакхарчу кхеле латкъам бина суьдхойн сацамна.

"Полисхойн леларо кхерийна Титиевн гергарнаш дозанал арабевлла. Ас ца боху "боллу доьзал", соьга дийцарехь, цуьнан чуьра гергарнаш дIабахана", аьлла Заикина.

Оьрсийчоьнан президетехула йолчу бакъонашларъярхойн Кхеташонан куьйгалхочо Федотов Михаила ша тешна ву аьллера, пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло Титиевн гIуллакх толлучарна тIехь контрол латто шен белхахой Нохчийчу хьовсор хиларх.

Цул совнах, Федотовс дехар дина Талламан комитетан урхалхочуьнга Бастрыкин Александре бакъонашларъярхо дIалацаран бахьанаш талла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG