Волгоградерчу жигархоша "Маьршаваккха Титиев Оюб" тIе яздина плакаташ а карахь флешмоб дIаяьхьна кIирандийнахь. Маршо Радионо хьалхо ма яздарра, еарийдийнахь кхело шина баттана Титиев чохь латтош сацам тIеэцна, наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла, бехке а веш.
Титиевс чIагIдо, полисхоша наркотикаш шен машенчу кхийсина хиларх. Цо дIахьедина шен адвокате, бехк тIе ца лацахь, терроризман агIончаш хилла бохуш, шаьш хьан гергарчу нахана дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш доьллур ду бохуш, кхерамаш тийсина шена аьлла.
Волгоградан кIоштан кхелан гIишлонна хьалхха дIаяьхьна жигархоша бакъонашларъярхочунна гIо лоцуш флешмоб.
"Маьршаваккха Титиев Оюб" тIе яздинчу плакаташца рогI-рогIана суьрташ даьхна гулбеллачара.
"Титиев Оюбна кхийсина ю наркотикаш, - аьлла дIахьедина акцин декъашхочо Кругляков Владимира, - И тайпа бакъонаш хьоьшуш меттигаш Нохчийчохь нисъелла ца Iа, йоллу Оьрсийчохь а нисло. Ткъа Нохчийчохь хIара санна харцо дуьххьара яц. Кхул хьалха Кутаев Руслан, Гериев Жалавди, хIинца Титиев Оюб", -аьлла, дерзийна шен къамел.
Бакъонашларъярхочунна дуьхьал лелочу харцоно, оьгIазбахийтина Волгоградера жигархой Оьрсийчоьнан харжамашна а бойкот кхайкхо лаам болуш бу.