ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БагIдадехь динчу эккхийтарехь нах байина


Террорхо-Iожалхо а иккхина 38 стаг велла, 105 чевнаш йина БагIдадехь. Иракъан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бина и хаам.

Урхаллан пресс-секретара Маан Саада дуьйцу, оршотан Iуьйранна пачхьалкхан коьртачу шахьарерчу Сахет-аль-Тайарехь (Авиацин майданахь) эккхийтар хиларх.

Сахет-эль-Тайаран майданахь йохка-эцаран даим адамаш лаьтта центр ю, Iуьйранна болх лоьхурш гууло цу майданахь. Цигахь хиллачеран информацица, эккхийтар хилла гIишлошъярхой гуллучохь.

Теракт цкъачунна цхьана а организацино шена тIелаьцна дац, бакъду цу кепара Иракъехь мел хуьлу зуламаш "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано дойтуш ду.

Байначу баттахь Иракъан Iедало дIахьединера, БагIдадан кIошташкара жихIадхой аратийсинчул тIаьхьа, ДаIишхошца шаьш бен тIом сацорах.

Делахь а, цхьаболу тIемалой хьалха санна къийсамаш латтош бу БагIдадан къилбехьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG