ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикаш карийна машенчохь аьлла, лаьцначу Нохчийчуьрчу "Мемориалан" куьйгалхочунна Титиев Аюбана дуьхьал даьккхина гIуллакх фальсификаци юйла хууш ду массарна а. Оьрсйчоьнан президентан харжамийн кандидата, журналисто Собчак Ксенияс шен Инстаграмерчу агIон тIехь дитина ишта йоза: "Масех шо хьалха Путинан пресс-конференцехь Нохчийчоьнах хаттар ас айдинера, цу махкахь Оьрсийчоьнан Конституци коьрта низам ца лору аьлла.

Юха а керла хаам кхаьчна: регионерчу "Мемориалан" куьйгалхочунна Титиев Аюбана наркотикаш кхийсина. Ша Аюб шина баттана аьлла, лаьцна ву.

Цхьа а шеко яц, нагахь санна вай тапъаьлла Iай, цунна бехк тIехь а буьсур бу, иза набахте а кхусур ву. Ас доггах тешарца яздо, наркотикаш "кхийсина", хIунда аьлча, цуьнан доттагIашна а, накъосташна а хууш ду, 60 шо долу Титиев - уггар а могуш, спортаца гергарло лелош стаг хилар. Ткъа оцу 228-чу артиклца бехк кховдош бу Нохчийчохь Кадыровн политикана резабоцучаьрга массаьрга а.

Титиев Аюбана дуьхьал даьккхина бехкзуламан фабрикацин гIуллакх дIа а къовлий, хьем ца беш иза маьршаваккхар тIеджадо ас!

Ас тIедожадо федералан Iедалшна и гIуллакх шайн куьйгакIел эцар. Кадыровна резабоцучу я ларамза цунна дуьхьал нисбеллаччу бакъонашларъярхошна тIехь лело харцонаш меллалц латтор йолуш ю? Нохчийчоь – Оьрсийчоь юйла дIахаийтийша царна!

XS
SM
MD
LG