ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеларчу изоляторан белхахоша чохь латточу бакъонашларъярхочунна Титиев Аюбана лоьраш тIе ца буьту. Медицинан чоь яц изоляторчохь, цуьнан гIуллакх толлучуьнгара бакъо ца хилча йиш яц шайн бохуш, лор ца кхачаво Титиевна тIе.

КIирандийнахь лаьцначун чуьра гергара нах махках бевлла, Iедало бечу тIеIаткъамах. Карарчу беттан 9 - чохь лецира "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб.

ШолгIачу дийнахь Куьрчаларчу цуьнан цIа чохь беха цуьнан вешин доьзал чуьра ара а баьккхина, догIанаш шайца дIадаьхьнера полисхоша.

Цу дийнахь ницкъаллийн структурийн белхахоша хиттинера Титиев Аюбан ваша а, кIант а.

10-чу дийнахь наркотикаш лелийна аьлла, бехкзуламан гIуллакх диллира бакъонашларъярхочунна дуььал.

60 шаре ваьлла Титиев шина баттана чохь вита сацам бина кхело.

Дахначу еарийндийнахь Норвегин Хельсинкин комитето а, Human Rights Watch, Amnesty International, FIDH, Дуьненаюкъарчу Iазапна дуьхьало латточу бакъонашларъярхойн организацеша катоххий маьршаваккха Титиев Аюб аьлла, юкъахь дIахьедар дира.

XS
SM
MD
LG