ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Литвас санкцешна юкъа вахийтина Кадыров Рамзан


Литван миграцин Департаментан пресс-центран векалша еарийдийнахь зорба тоьхна "Магнитскийн тептаран" шайн аналогна. Оьрсийчоьнан 49 вахархо ву цу юкъахь, Вильнюсна хетарехь, коррупцин зуламашна а, ахчанаш даарна а, адамийн бакъонаш хьешарна а бехкеболу.

Оцу нахана дихкина ду Литва бахка. Департаментан сайта тIехь кхозу санкцийн тептар. Iаьржачу тептарехь верриг а 49 Оьрсийчоьнан вахархо ву. Ву царлахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр а, Магнитскийн гIуллакх листина Бастрыкинан гIовс, генерал-майор Логунов Олег а, Магнитскийн хьокъехь сацам тIеэцна кхелахой Сташина Елена а, Криворучко Алексей а, Ухналева Светлана а, Подопригоров Сергей а, иштта кхи дIа а.

"Магнитскийн низам" лелаш долу 4-гIа пачхьалкх ю Литва. Хьалхо изза сацам тIеийцира Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа а, Канадано а, Эстонис а.

Магнитский Сергей, оьрсийн адвокат, Ιедална йоггΙу ясакх дΙа ца елла аьлла, лецира 2008-чу шарахь, набахтехь кхелхира шо даьлча. Набахтехь дуккхаза а йиттинера цунна, лоьралла а ца динера. Ткъа ша чуволлале, цо Ιорабаьхнера 230 миллион долларна пачхьалкхана къоладина хьакамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG