ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каримов: Кадыровна цкъа а интересе яцара Литва


Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретар Каримов Iалви
Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретар Каримов Iалви

Нохчийчоьнан куьйгалхо Литвас Iаьржачу тептаре ваккхар "кIад" болуш хIума дац, цкъа а интересе ца хетта Кадыровна и пачхьалкх аьлла, дIахьедар дина цуьнан пресс-секретара Каримов Iалвис.

"Еххачу хенахь Кадыров шайн пачхьалкхе варе сатийсинчу Литван Iедалшна халахетар дан воллу со. Кадыровс ваха сатуьйсучу мехкашлахь цкъа а ца хилла Литва", - аьллачу Каримовн дешнаш даладо "Новости" агенталло.

Нагахь санна Литван Iедалхойн Нохчийчуьрчу адамийн бакъонашца бала хилча, царна хаа дезара кхузахь уьш тIехдика ларъеш хилар, дуьненчохь миччахь а ларъечул а, Литварчу хьолаца дуьстича муххале а аьлла Каримов Iалвис.

"Кхетамчохь волчу стагана хууш ду, Iамеркана томана дина хIума дуй и", - аьлла, тIетоьхна Каримовс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG