ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь хIусам елла Бакура схьаялийначу къаночунна


Алиева Мадина
Алиева Мадина

Азербайджанехь тилаелла, ша Нохчийчуьра ю аьллачу 104 шо долчу йоккхачу стагана Алиева Мадинина Соьлж-ГIалахь хIусам елла. "Кавказан узел" агенталло хаттам бинчу бахархошна хетарехь, махкарчу Iедало шайна пиар еш орца кхачийна оцу къаночунна.

Маршо Радионо яздира шен сайтехь, Азербайджанехь карийна 104 шо долу Алиева Мадина Нохчийчу дIахьажийна хиларх а. ишта Ноьвр-кIоштарчу Алпатовехь йолчу социалан хьукматехь ханна иза дIатаръярх а.

Оршотан суьйранна меттигерчу телевизионан эфирехь сюжет гайтина, Iедало Соьлж-ГIалин Октябрск-кIоштарчу керлачу цIа чу яха хаорах Алиева Мадина.

"Мел оьшург чохь а долуш, маьршша яха таро луш цIа ду и. Оцу хIусамехь йоккхачу стеган Iуналла а деш, дехар ду тIехь да-нана а, гергара нах а боцу ХаджимуратовгIеран ши йиша а, цхьа ваша а", - аьлла, дуьйцу эфирехь.

Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо делла цIа схьаэца ахча аьлла социалан а, къинхьегаман а министраллан векало.

Йоккхачу стаге догIанаш дIадала баьхкинера парламентан спикер Даудов Мохьмад а, муфтий Межиев Салахь а, мехкан куьйгалхочун пресс-секретар Каримов Iалви а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG