ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Republic: Наркотикашна дуьхьал йолийначу кампанехь лецначарна тIехь Iазапаш латтадо Нохчийчохь


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана наркотикашна дуьхьал гIаттийначу компанехь полицино харцонца бехкзуламан гIуллакхаш а доьллуш, лецначарна тIехь къизаллаш лелайо, боцу бехк тIелацийтархьама. Republic онлайн-журнало бина и хаам.

Оцу гIирсан хаамашца, дахначу шеран аьхка верриг а полисхоша лаьцнарг ву 70 гергга стаг. Царех цхьаъ ву Межидов Мохьмад-Iела.

Прокуратуре цо дахьийтинчу арз тIехь цо дуьйцу, шена ток еттийтарх а, металлопластикан турба еттарх а, шега бехк тIелоцуьйтучу кехаташна куьйгязде бохуш. Цуьнца цхьана лаьцна хилла Межидовн ваша Мохьмад-Сидикъ а. Цуьнан куьйгашна буржалш а тоьхна, скотчаца вехка а вихкина, ницкъ бина тIехь, цо даредаллалц.

ТIаьххьара а Межидов Мохьмад-Iела бехкевина 16 грамм марихуана йоьхкина аьлла, ткъа цуьнан вешех хьарчийна 128 грамм наркотикаш.

Iазап цаьргахь даллочу хенахь, кхерамаш тийсина царна полисхоша, гIаттамхойн декъахь лаьттина я "теракт" аьллачу статьяшца бехкаш хьарчор ду шаьш бохуш.

Церан адвокаташа дIахьедо, МежидовгIеран вежаршна дуьхьал даьхна гIуллакхаш фабрикаци хиларх а, уьш лоьцуш кечдина протоколаш харцонца хIиттийна хиларх.

Иштта Republic журнало литтина нохчийн кхелахойн "наркотикийн артиклашца" доьзна 67 гIуллакх.

Оцу массо а гIуллакхехь новкъа боьлхучу хенахь, кехаташ хаьттина совцийначу кегийрхошкара йоккхуш хилла марихуана.

Лецначара массара а бехкаш тIелоцуш хилла, ткъа церан гIуллакх башхачу къепехь толлуш хилла. ХIораммо а мукIарло дар дIаяздеш хилла видеокамераца, дуьхьало йинчарна тIехь Iазар латтош хилла.

Карарчу беттан 9-чу дийнахь лаьцна Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб. Бакъонашларъярхо бехкевина наркотикаш лелош хилла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG