ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиев Аюба кехат дахьийтина Оьрсийчоьнан президенте


Титиев Аюб
Титиев Аюб

Лаьцна латточу Соьлж-ГIаларчу бакъонашларъяран "Мемориалан" декъан куьйгалхочо Титиев Аюба кехаташ дахьийтина Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а, Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран а, ФСБ-н директоре Бортников Александран а цIарах. "Кавказ.Реалии" портало бо и хаам. Цаьргахь ю документан копи а.

Титиевс шен кехата тIехь яздо, шена дуьхьал даьккхина гIуллакх бух боцуш хиларх а, шен машенчу наркотикаш полисхоша кхийсина хиларх а. Бехк тIе ца лоцу бакъонашларъярхочо.

"Нагахь ас бехк сайна тIе лацахь, хаа ду, кхерамашца, шантажца, ницкъбина тIелацийтина хилар", - яздо Титиевс.

Маршо Радионо яздира, кху беттан 9-чохь Нохчийчохь "Мемориалан" Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхо Титиев Аюб лацарх.

"Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочуьнга Титиев Оюбага официалан кепара бехк кховдийна боккхачу барамехь наркотикаш лелорна аьлла. Шеларчу гIалин кхело сацам бан беза иза кхин дIа талламан изоляторехь витарх лаьцна. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксе" "Мемориалан" кхеташонан куьйгалхочо Черкасов Александара.

Шеларчу изоляторехь латточу бакъонашларъярхочунна Титиев Аюбана лоьраш тIе ца буьту. Медицинан чоь яц изоляторчохь, цуьнан гIуллакх толлучуьнгара бакъо ца хилча йиш яц шайн бохуш, лор ца кхачаво Титиевна тIе аьлла, дийцина цуьнан адвокаташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG