ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь полисхоша харцонаш лелош яц аьлла чоьхьарчу гIуллакхийн министро


Нохчийчохь полисхоша тIеIаткъам а беш, наркотикаш лелош ду шаьш бохуш, бехкаш тIе а оьцуьйтуш, кегийрхошна дуьхьал зуламан гIуллакхаш доху аьлла, Republic сайто яздийриг харцдина Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. "Новости" агенталло бо и хаам.

Шинарийндийнахь Оьрсийчоьнан сайто наркотикашна дуьхьал гIаттийначу кампанехь, полицино харцонца бехкзуламан гIуллакхаш а доьллуш, лецначарна тIехь къизаллаш лелайо, боцу бехк тIелацийтархьама аьлла, Republic онлайн-журнало шаьш бина талламаш Iорабаьхна.

Доккхачу декъанна цу рапортехь вуьйцуш ву МежидовгIеран ши ваша- Мохьмад-Iела а, Мохьмад-Сиддикъ а. Наркотикаш лелош, юхкуш хилла аьлла, бехк тIелацийтина цушинга полисхоша, тIехь ницкъ а бина.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедарца, МежидовгIеран арз луьстуш бинчу талламашкахь ницкъахоша низамашца догIуш доцург лелийна меттигаш карийна бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG