ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Данфорд: Оьрсийчоь - Европана уггар а боккха кхерам бу


Тахана Европана уггар а коьрта кхерам Оьрсийчоьнера схьа бу аьлла Брюсселехь дIаяьхьначу НАТО-н конференцехь Iамеркан Цхьанатоьхначу штабийн хьаькамийн комитетан куьйгалхочо, инарлас Данфорд Джозефа.

Данфорда билгалдаккхарехь, Оьрсийчоьно шен зарратан герзна а, флотна а модернизаци йина, иштта кибертIемаш боло гIирс кхуллуш а ю иза.

2008-чу шарахь Гуьржийчоьнан конфликтехь Оьрсийчоьно дакъалацарх а, 2014-чу шарахь ГIирмана аннекси яр а дагадоуьйту инарлас.

Оцу эпизодашка хьаьжча, ала тарло, Оьрсийчоьно "шен таронех пайда оьцург хилар".

Данфорда дагатосу, ГIирмана аннекси йинчул тIаьхьа НАТО-с Балтехь а, Полшехь а шен хилар шордар.

Инарлас бахарехь, Европехь тIеман союз шоръяр догIуш ду Iамеркан къоман кхерамзаллан стратегица, Оьрсийчоьнца диллича.

Керланаш

Кхин а

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG