Донбассан реинтеграцех низам луьстучу Лакхарчу Радан гIишлонна хьалха шинарийндийнахь митинге гулбеллачара Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран портрет а, оьрсийн байракх а ягийна. Маршо Радион украинхойн сервисо бина и хаам.
Донбассна Оьрсийчоьно йинчу агрессина дуьхьал низамаш дахар тIедожийнера митинге гулбеллачара. Оьрсийчоьнан пачхьалкх агрессор санна дIакхайкхор ду демонстранташа хьалхатоьттучу низамех цхьа пункт.
Пачхьалкхана ша ларъян магийначу ООН-ан уставан 51 артиклна тIетовжу депутаташ.
Ишта акцин декъашхоша автомобилийн чкъургаш а ягийна, полисхошца вовшахтийсадаларш а хилла.
Киевн полицин пресс-гIуллакхоша бинчу хаамашца, гулбеллачара полисхошна тIе хецна бIаьргаш Iовжо газ, тIелестийна лаьттара плитка а. Хиллачу тийсадаларшкахь лазийна цхьа полисхо, лаьцна акцин цхьа декъахо а.
Маршо Радион информацица, Украинан Малхбалехь тIемашш бечу къоман батальонан символика шайца йолу нах а хилла акцехь.