ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Осмаев Адамна тIелатар динчунна велла дIаваллалц набахтехь яккха хан кхайкхо тарло


Шайн лаамехь нохчийн батальона юкъа дахначу Осмаев Адамна а, Окуева Аминина а тIелатар динчу киллеро ца дуьйцу хилларг ма дарра, велла дIаваллалц набахтехь яккха хан кхайкхо тарло цунна аьлла журналисташка шинарийдийнахь депутато Геращенко Антона.

"Киллер СИЗО-хь ву, кеста цуьнан гIуллакх кхеле дIакховдор долуш ду. Суна хетарехь, шен дуьненчохь яккха йисина хан набахтехь токхур ю цо. Цхьана а кепара кийтарло еш яц цо", - аьлла Геращенкос "Интерфакс-Укаине".

ГIадужу-баттахь Окуева Амина йийнарш хIинца а карабахказа бу.

"Тхо кхеташ ду, тхуна хаьа, иза йийна нах Оьрсийчуьра баьхкинийла, Оьрсийчуьра схьа хилла и ший а ден омра. Адам вен лаьара царна, цкъа хьалха", -дийцина депутато.

Осмаев Адамна а, Окуева Аминина а дуьххьара кIело йира Киевехь. ХIетахь Аминас дуьхьал герз тохарца лаца аьтто хиллера зуламхо. Украинан вахархочун Дакар Александран цIарах кехаташ хиллера цуьнца шеца.

ЧIагIдазчу тоьшаллаца бакъйолу цIе Денисултанов- Курмакаев Артур хилла цуьнан. Нохчийчуьра ду цуьнан схьавалар, Кадыров Рамзанан хадархо верна, лехамашкахь а хилла иза.

Стохка ГIадужу-беттан 30-чу дийнахь Киеве кхачале Осмаев Адама лелочу машенна тIе герзаш диттинера. Йиначу чевнех хьалха ца елира Окуева Амина, цуьнан цIийнда Адам лазийнера.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG